Страница учителя родного языка Телуевой Мариян Касимовны

06.02.2019

IMG-20190131-WA0065.jpg

В Барчхойотарской СОШ прошел районный конкурс по родному языку. Нашу школу представляли ученицы 11 класса Эдилханова Сацита и Асхабова Луиза под руководством учителя родного языка Телуевой М.К. По результатам Асхабова Л. заняла 3 место. Поздравляем!

Просмотров всего: , сегодня:

04.02.2019

04.02.2019 Олимпиада по родной литературе В Новочуртахской СОШ сегодня состоялась олимпиада по родной литературе. Эдилханова Сацита (11 кл) заняла 1- е место, Юсупова Рахми( 9б)-2 место, Ахмедова Аминат(8 кл)- 3 -е место. Поздравляем победителей и выражаем благодарность руководителям Телуевой М.К. и Садулаевой З.У. за подготовку учащихся!

Просмотров всего: , сегодня:

30.01.2019

Олимпиада по родному языку Сегодня пройдет районная олимпиада по родному языку. Руководитель -Телуева М.К. Желаем удачи нашим участникам.

Просмотров всего: , сегодня:

29.01.2019

20190129_095644.jpg

Сегодня в школе проводили контрольные диктанты по родному языку. Данная работа направлена на изучение и привитие любви к родным языкам.

Просмотров всего: , сегодня:

20.12.2018

Диллина хьехарсахьт Нохчийн литература ««Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш. Цуьнан поэтически хат1. «Суна лаьа» стихотворени.» Хьехарсахьтан коьчал: Хьехарсахьтан план. Хьехарсахьтан 1алашо: 1.Дикаев Мохьмадан поэтически говзарш т1ехь къоман яхь, оьздангалла,къасторан башхаллаш къастор. 2.Берийн доьзна къамел кхиор. 3. Даймахке а, шен халкъе а болу безам к1аргбар. Хьехарсахьтан г1ирсаш: Книга, поэтан сурт. Хьехарсахьтан некъ: 1. Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор: Маршалла хаттар Журнал кхочушдар Керла коьчал йовзийтар. Гайтаман г1ирсаш кечбар. 2. Ц1ахь бина болх таллар: Дикаев Мохьмадан дахарх а, кхолларалех а долу хаарш таллар. «Стеган ц1е» стихотворени йийцаре яр. 3. Керла тема йовзийтар: « Суна лаьа» стихотворенин чулацам бовзийтар. Стихотворени ешар. « Суна лаьа» стихотворенин анализ яр. 4.Т1еч1аг1дар: 2-3 дешархочо схьабуьйцу стихотворенин чулацам. Шайна дагах кхетта меттигаш схьаюьйцу. Х1унда хийтира шуна иштта? Хочу такой сайт

Просмотров всего: , сегодня:

13.12.2018

Мастер - класс Тема: Ц1ердешнийн терахь. 1алашонаш: 1аморан: 1. Ц1ердешан морфологически билгалонаш йовзийтар; 2. Ц1ердешнийн терахьашца хийцадаларан башхалла йовзийтар. Кхиаран: 1. Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор; 2. Шайн маттахь долу керла дешнаш довза хьашт хилар ч 1 аг1 дар; Кхетошкхиоран: 1. Мотт хаза бийцар коьрта хилар кхетор; 2. Шен мехкан 1аламе безам кхиор. Урок д1аяхьар. Тахана урок шатайпа ю Ткъа шуна иза марзделларг ду Коьртаца ойла ян еза Чолхе хаттарш хаза деза Царна жоп дала деза Дуйцург дагахь латто деза Урокехь хиънарг дицдан на деза! Тахана, вай урок д1ахьур Морфологи ц1е йолчу меттан пачхьалкхехь. Къамелехь, йозанехь кхечу къамелан дакъойл дукха хуьлу ц1ердош. Дош, дешнийн цхьанакхетарш, предложенеш х1итта ца ло ц1ердош юкъахь доцуш. Х1уманаш ас билгалйо Мила? Х1ун? хаттарш ло Ойлаей хьо дийций вала Муьлха дакъа ду со ала!.. Дешархой шина команде боькъу: 1-ра т1едиллар: 1-ра команда: 1аламца доьзна долу 10 ц1ердош даладе (малх, докх, дог1а, ткъес, шовда,хьоста, анайист, стела1ад, стигал,ло) 2-г1а команда: диттийн, ораматийн ц1ерш билгайо 10 дош даладе ( дакх, бага,наж, зез, поп, база, дак, акхтарг, хьаьмц, маъ, талл) 2- г1а т1едиллар шина команде: Даладе юкъара абстракти маь1на долу ц1ердош: доьналла, майралла,хьекъал,кхетам,ойла, сингаттам, синхаамаш, т1е1аткъам… (дукха далийначу командин толам хир бу). Йийца цернан башхалла. Нохчийчохь долу хин ц1ерш ялае: Соьлжа,Гумс, Орга , Ачху, Хулхула, Терк, Г1ойт1а, Валарг, Бас, Марта, Гих. ( йийца цу ц1ердешнийн билгалонаш) Ц1ердешнийн маь1на гергара , дуьхьалара хуьлу: Даладе, х1окху дешнийн гергарнаш: Г1уркх-(г1аж,хьокха) Машар-(барт-масла1ат) Низам-( раж, раг1) Хьекъал-(кхетам) Даладе, дуьхьалара маь1на долу ц1ердешнаш Яхь-(хьаг1) Бехк-(бехказло) Къано-( жимха) Толам-(иэшар) Шина командина цхьаа т1едиллар ду: говр бохучу дашана синонимийн мог1а балабе: дин, бекъа, гила,алаша, айг1ар ( 5 синоним далийна команда тоьлла хир ю) 1-ра командина т1едиллар: цхьаъ, я цул сов х1ума билгалъеш долу ц1ердешнаш къастаде К1айн полларчий санна, Лайн чимаш ду оыуш, Шело совъяларна Сирла шаш ду х1уьттуш, Б1аьстенан де санна, Еха ю буьйсанаш. Шелделла к1еза санна. Буьрса дарц ду ц1ийзаш. 2-г 1а команда Лам бешча хиш десташ, Ихна хин татолаш, Т1ехь бина шаш болуш, Шайн-шайна ду декаш. Йовхонан сирла з1аьнарш Наггахь бсн ца гойтуш, Кхин йоцуш санна, кхоош. Малх а бу к1езга луш Шина команде хаттарш: Mvxa гойту поэта 1аьнан 1алам? Дукхаллии терахьехь ц1ердешнаш алсам хилар стенца доьзна ду? Декъа xlapa и1ердсшнаш кхаа тобане шина терахьехь леларш цхьаллин тсрахьехь бен цалеларш дукхаллин терахьехь бен цалеларш команда: Сацкъарш, б1ов, гаьллаш, xlo, таьлсаш, йовхарш, йоькаш, мехкарий, гилгаш, къилбе; ( таьлсаш, гаьллаш, йоькаш, гилгаш, xlo); 2-г1а команда: Моз, х1аваъ, т1уно, маь1да, букъарш, архаш, дуьйраш, малхбузе, хьекъал, сий ; (букъарш, т1уно, дуьйраш, малхбузе, х1аваъ, сий) Шина командина т1едилларш: муха кхаллало дукхаллин терахь х1окху дешнашкахь: Духарш, амалш,г1ожмаш, ламанхой, черчий, полларчий; оьрсий, говзанчаш, овкъарш, кетарш, хиш, седарчий; Терахьан грамматически категори гучуйолу суффиксийн г1оьнца: 1)цхьалхе суффиксаш - аш, иш, ий;Уьш юьхьанцара суффиксаш ю. 2)чолхе суффиксаш - -араш, -ирий, ирчий;Уьш схьаевлла суффиксаш ю. Дукхаллин терахье даккха кху предложенехь долу кьовларш юкъара дешнаш. Эвлан йистера аренда дежачу жа юкъахь дукха (ка) дара. Цхьана х1умано къахкина некъана сехьалилхира (бекъа) Халидан доккха мостаг1алла дара ( борз, чаг1алкх). (Моша) кхача тайп- тайпанчу а, ирзошкахь а хуьлу Макхъелла аренаш - еса Хьаннаш а д1атийна лаьтта. Г1арг1улийн жатташ ю екаш, Назмаш 1 енаеш лаьтта Т1едиллар: билгалдаккха дукхаллин терахьехь долу ц1ердешнаш, жут- жатташ боху дешнаш гочде оьрсийн мате Говрашна го, вайна сана , г1енаш: Сирла 1уьйре , шайн бергаш т1ехь тхи, Шайн баккъаш т1е шийла дог1а 1енаш, Реманашца деда доьдучу хих юьйлуш. Т1едиллар: билгалдаккха дукхаллин терахьехь долу ц1ердешнаш, рема-реманаш боху дешнаш гочде оьрсийн матте. Путешественник отважный, Он идёт пустыней важно Не боится он жары, Два горба - как две горы Т1едиллар: нохчийн матте гочъе xlapa байт, ковра боху дош дукхаллин терахье даккха Шина командина т1едилларш: Вовшахтоха кагделла кицанаш (кхоккха кица xlopa командина) 1 .Болх безачарна дахар а деза. 2.Болх бечу кхачахь, болх бе, юучу кхачахь - яа. 3.Хазалло б1аьрг белабо, дикалло дог деладо 4.Хазалла - сарралц, дикалла - валлалц 5.Воккхачух эхь хетта, жимачух къахета 6.Нахаца тарвала хаар - доккха совг1ат ду. Рефлекси яр. Тахана вай бинчу белхан кхиамех лаьцна х1ун эр дара аша? Муьлха т1едилларша к1оргди шун хаарш? Шайн мотт ц1ена а, хаза а бийца таро лур йолу меттигаш схьайийца

Просмотров всего: , сегодня:

10.11.2018

Йиллина урок Урокан ц1е:«Предложенин цхьаьнатайпанарчу меженах 1амийнарг т1еч1аг1дар, карладаккхар.»

Просмотров всего: , сегодня:

08.11.2018

Нохчийн литературин шолг1ачу чийрикан талламан болх (Тест). 1. Муьлхачу шарахь арадала доладелла, «Серло» ц1е а йолуш, нохчийн дуьххьарлера газета? 1) 1923; 2) 1925; 3) 1934; 4) 1922; 2. Хьан аьлла х1ара дешнаш : « Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре а к1оргера аг1онаш йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу». 1)Яковлев Н.Ф.; 2)Семенов Л.П.; 3) Толстой Л.Н ;4) Услар П.К.; 3. Муьлхачу илли т1ера ду х1ара мог1анаш ? «…-Хьо вийхира ва соьга цу юьртан тхьамданаша, Ас вехча велира хьо цу юьртан тхьамданашна, Дег1аха мерза са цара хьайга ва дехахь, Ахь даккхий д1алолахь дег1аха мерза са». 1)Аккхийн Жанхотан илли»; 2) «Эвтархойн Ахьмадан илли»; 3) « Эла Къахьармин илли»; 4) «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли» 4. Халкъан барта кхоллараллина юккъе х1ун ца йог1у? 1) кицанаш; 2) х1етал-металш; 3) туьйранаш ; 4) стихотворенеш. 5. Дудаев 1абди вина а, д1акхелхина а шераш: 1)1901-1937 ; 2) 1922-1995 ; 3) 1920-1992; 4)1930-2012; 6. Нохчийн х1инцалера алфавит х1оттийна ю: кириллицин буха т1ехь; 2) латиницин буха т1ехь; 3)1аьрбийн алфавита буха т1ехь; 4)гуьржийн алфавита буха т1ехь. 7. «Лергашна хезна доцу, дагна кхиъна доцу, коьртехь сецна доцу тоьшалла дина суна, б1аьрга т1е б1аьрг а х1оттийна…» Х1окху дешнийн автор мила ву? Сальмурзаев М.; 2) Дудаев 1.; 3) Айсханов Ш. 8. Нохчийн халкъан иллеш муьлхачу жанрана юкъадог1у: 1) проза; 2) поэзии; 3) драматурги; 4) барта кхолларалла. 9. Муьлхачу илли т1ехь массо а цхьаьна гайтина ву, Вайн халкъан турпалхой: Мадин Жаьммирза, Таймин Биболат, Зайтан Шихмирза, Жумин Акхтула, Баьччин Элмарза. 1) «Аьккхин Жанхотан илли»; 3) «Жумин Акхтулин илли»; 2) «Чеченарчу Мадин Жаьммирзан илли»; 4) «Эла Муслстан, Адин Сурхон илли». 10. «Ц1еран арц» повесть т1ехь муьлха турпалхо ву 40 шо хир долуш? 1) Хонмурд; 2) Кулдевич; 3) Мирза; 4) Элберт.

Просмотров всего: , сегодня:

11.09.2018

В 9-11 классах были проведены вводные работы (диктанты), чтобы проверить уровень знаний к началу учебного года. Ирсе к1охцал Цхьана хьуьнхахь ехаш -1аш яра зу. Цуьнан к1охцалех цхьаъ ирсе хилла, дикачу адамашна беркат дохьуш. Иза луларчу юьртарчу нахана хезна. Амма цхьаьнне а хууш ца хилла, ирсе к1охцал муьлханиг ду. Т1аккха уггаре а сутарчу стага аьлла: «Вай и зу схьалоцур ю. Цуьнан к1охцалш дерриш а схьа а даьхна, х1оранна цхьацца д1алур ду. Иштта а хуур ду ирсениг муьлха ду». Цул т1аьхьа нах зу лаха бахана, цхьаъ воцург. «Садолу х1ума ен а йийна, даьккхина ирс суна ца оьшу», - аьлла, ц1ахь 1ийна иза. Цхьана дийнахь дечке вахана и миска стаг. Наха лоьху зу т1ееана цунна. Адамийн маттахь йистхилла иза: - Хьан догц1ена ойланаш а, хьанал дахар а девза суна. Сайн ирсе к1охцал ас хьуна д1ало. Зуламечу нахана со карор яц, - аьлла, к1охцал д1а а делла, д1аяхана зу. Мел лехарх нахана зу ца карийна. Ткьа воккхачу стеган керта ирс а, беркат а деана. (128 дош) Я. Акаева («СтелаӀад», 2004 ш., №2) Т1едиллар: 3-чу абзацера предложенеш (ерриге 3) синтаксически юьззина къастае.

Просмотров всего: , сегодня:

Наверх
На сайте используются файлы cookie. Продолжая использование сайта, вы соглашаетесь на обработку своих персональных данных. Подробности об обработке ваших данных — в политике конфиденциальности.

ВНИМАНИЕ!

Срок действия лицензии на использования программного обеспечения окончен 31.12.2023.
Для получения информации с сайта свяжитесь с Администрацией образовательной организации по телефону +7 (928) 551-81-35

Функционал «Мастер заполнения» недоступен с мобильных устройств.
Пожалуйста, воспользуйтесь персональным компьютером для редактирования информации в «Мастере заполнения».